Диктант дIаяхьа аьтто кхоллар тIедуьллуш ду Нохчийн Республикин массо а дешаран организацина.
Диктантан 1алашонаш:
- эхь-бехкаман а, гуманизман а, патриотизман а буха т1ехь граждански юкъаралла кхоллар;
-Нохчийн Республикин бахархойн этнографически а, культурологически а, лингвистически а, А.Айдамировн кхоллараллех долу хаарийн т1ег1а билгалдаккхар;
-ненан маттехула а, литературехула а, 1илманехула а, дийнна схьаэцча, дешарехула халкъан синмехаллаш яржор а, ч1аг1ъяр а.
Диктантан лехамаш:
- республикин бахархойн лингвистически а, культорологически а хаарийн т1ег1а довзар, церан воккха-жималлин а, социальни структурехь д1алоцучу меттиге а хьаьжжина;
-диктантан декъашхошна шайн нохчийн маттах а, литературех а, этнографех а, культурологех а, А.А.Айдамировн кхоллараллех а долчу хаарех дерг билгалдаккхар;
- хаамийн г1ирсийн а, нохчийн юкъараллин а меттан, этнографически, культурологически хаарийн проблемашна т1е тидам бахийтар;
- республикин бахархой ненан мотт, литература, этнографи, культурологи 1аморна т1еберзор. Диктантан декъашхо хила тарло 14 шо кхаьчна волу муьлха а Россин Федерацин гражданин, дешаран т1ег1анах а, социальни статусах а, динан лехамаш кхочушбарах а, гражданаллах а доьзна доцуш. Диктантан т1едахкарш тестийн кепехь долчу 85 хаттарх лаьтта. Диктантах лаьцна юьззина йолу информаци Министерствон сайт т1ехь ю.